ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пекино бакъ ца до Ким Чен Ын Китайхь хилла бохург


Китайн арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина шинарин дийнахь, шаьш кхеташ дац Bloomberg агенталло Ким Чен Ын Китайхь ву аьлла бинчу хаамах аьлла. Нагахь цу тайпа керланаш хилахь уьш зорбане дохур ду шаьш, боху министраллан векалша.

Хьалхо Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын Китай кхаьчна визитаца аьлла, хаам бинера Bloomberg агенталло, меттигерчу хьасташна тIе а тевжаш.

Хьалхо Ким Чен Ын-ан визитах лаьцна хаам бинера Японийн а, Китайн а зорбанан гIирсаша.

Билгалдоккхуш ду Къилбаседа Корейн лидер Китай цIерпоштаца вахана хилар. Иза дуьххьарлера визит ю Ким Чен Ын-а ша Къилбаседа Корейн куьйгалхо хIоьттичхьана кхеча пачхьалкхе йина йолу.

Хьалхо кху баттахь, Ким Чен Ын-ца дийцарш дIадахьа ша кийча хиларх лаьцна хаийтира Iамеркан президенто Трамп Доналда. Дуьйцаш дара цу шинан цхьаьнакхетар гергарчу шина баттахь хир ду бохуш.

XS
SM
MD
LG