ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ким Чен Ын Пекине вар бакъдина Китайно


Китай -- Си Цзиньпин (аьрру агIор) а, Ким Чен Ын (аьтту aгӀop) а Пекинехь.

Китайн Iедалша хаийтина Iамеркан администраце, Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын Пекинехь хилла хиларх лаьцна. Цунах лаьцна хаам бина CNN телеканало, Iамеркан президентан администрацин зорбанан секретарна Сандерс Сарина тIе а тевжаш.

Ким Чен Ын Пекине вахарх лаьцна кху беттан 26-чу дийнахь хаам бинера Bloomberg агенталло, амма официалан кепfра иза тIечIагIдина дацара.

XS
SM
MD
LG