ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-гIаларчу клиникехь меттавеана бакъонашларъярхо Дациев


"Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхо Дациев Сиражутдин.
"Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхо Дациев Сиражутдин.

ХIинжа-гIалахь кхаарин Iуьйранна къиза йиттина волу "Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхо Дациев Сиражутдин кхетамчу веъна, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цуьнан адвокато Магомедов Мурада хаам бина, Дациев лелалуш ву аьлла. Рентген яккхийта ша вахана иза, боху адвокато.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, муьлш бу ца хуучу наха тIехьаша тIелатар дина Дациевна, иза вехачу цIенона хьалха.

Бакъонашларъярхо, кхетам чохь а воцуш, дIакхачийнера республикан клинике.

Дациевна шена тIелатар дина аьлла хета, ша "Мемориалехь" болх беш хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG