ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ кхераме ю Британерчу туристашна


Нохчийчоь.
Нохчийчоь.

Футболан дуьненан чемпионат йоьдуш Оьрсийчу баха дагахь болчу Британин махкахошка шаьш дечу хьехаршка ладугIуш хила аьлла, кхайкхам бина парламентехь вистхуьлуш арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса.

Туристашна кечйинчу лерринчу книжки тIехь Донецкан а, Луганскан а хьалкъан республикаш йоцург, кхераме лаьрра ю ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а.

Иштта, юьстах йита еза аьлла хета Британин арахьарчу гIуллакхийн министраллана Ставрополан мехкан Степновски а, Левокумски а, Нефтекумски а, Буденновски а кIошташ.

Цул сов, Британин бахархошна кхераме лоруш ю Къилбаседа ХIирийчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а.

Дагадоуьйту, дуьненаюкъара футболан чемпионат дIахьош ю Оьрсийчохь кху аьхка, Мангал-беттан 14-чу дийнахь йолийна, Товбеца-беттан 15-чу кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG