ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Украинера пранкер лаха кийча хиларх лаьцна хаийтина Нохчийчохь


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна карор ву Кемеровохь цIеяларх лаьцна харц хаамаш баржийна пранкер Вольнов Евгений (бакъйолу цIе Никита Кувиков). Цунах лаьцна "Говорит Москва" радиокомпанин эфирехь дIахьедар дина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахаьрчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата.

"Нагахь цу тайпа Iедалан декхар цунна (Кадыровна) тIе диллахь, "Рамзан Ахматовича иза кхочуш дийр ду вуно лерина, ткъа Оьрсийчоьнан мостагIаша таIзар ловр ду", - даладо Умаровн дешнаш РИА Новости агенталло.

Хьалхо Оьрсийчоьнан талламан комитето хаам бинера, Кувиков дуьненаюкъарчу лехаме лур ву шаьш аьлла. Пранкерна дуьхьал Оьрсийчохь долийна (цабезам а, мостагIалла а кхолларна) бехктакхаман гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG