ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саралиев: Дита деза Кемеровохь "нохчийн лар" лехар


Судденок Надежда.
Судденок Надежда.

Къаьмнашна юкъа гамо тийса гIертарна Кемеровохь яьгначу махбаран центран директор Судденок Надежда кхеле озаяйта дагахь ву Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волу Саралиев Шамсаил, хаам бо Регнум агенталло.

Цунна хетарехь, цу зудчо цIеялар хьокъехь далоча дешнашкахь гуш ду иза таллам дастамъяьллачу "нохчийн лоран" тIе хьажо гIерташ хилар. Цунах лаьцна Саралиевс яздина шен Telegram каналехь.

Талламхошка дехар дина цо, Судденокана кхин цхьа бехктакхаман артикл (къаьмнашна юкъа гамо тийсар) а тIетоха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG