ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Видеокамерша дIаяздинчуьнга хьажа реза ца хилла Титиевн гIуллакх дIахьош волу талламхо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх дIахьош волу талламхо реза хилла къасто полисхочунна гойла дарий цуьнан машена чохь хилла къомал бохург, амма цо юхатоьхна полицин декъахь йолу компьютерш зер. Царна тIехь видео хила езаш ю аьлла хета Титиевн адвокаташна, иза дIалоцуш яьккхина йолу. Цунах лаьцна хаам бина "Мемориал" центран векалша, яздо "Кавказский узело".

Карарчу хенахь талламан изоляторехь волчу Титиевс чIагIдо, наркотикаш шен машенчу полисхоша кхиссина бохуш.

Старопромыслан кIоштан суьдо кху беттан 6-хь хиллачу шен кхеташонехь кхин а шина баттахь талламан изоляторехь латто сацам бира Титиев Оюб.

Суьдхочо Минцаев Вахас кхерам бу аьлла хета шена элира Титиевс араваьлча оцу гIуллакхан тешашна а, талламхошна а Iаткъам барна.

Стигалкъекъа-беттан 9 де тIекхаччалц яхйина ю бакъонашларъярхочо чохь йоккхур йолу хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG