ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш доза хадорна Нохчийчохь чувоьллина Азербайджанан 3 вахархо


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан кхело колонехь баккха масийтта бутт хан кхайкхийна Азербайджанан кхаа махкачунна - цхьана зудчунна а, шина боьрша стагана а. Уьш бехке бина, низам а дохош, Оьрсийчоьнан доза хадорна.

Талламхоша дийцарехь, бехке бинарш хьалхо арабаьхна хилла Оьрсийчуьра. Амма дукха хан ялале, цIераш а хийцина, юха а Оьрсийчоьнан Федерацин доза хадийна цара.

Кхуьа лаьцна хилла 2017-гIа шо чекхдолуш, Оьрсийчоьнан ФСБ-н Нохчийчухула йолчу дозанан урхалло, хаам бо "Кавказский узело", республикерчу прокуратурана тIе а тевжаш. Цо билгалдаккхарехь, зудчунна 4 бутт хан тоьхна, шина стагана тоьхна хIоранна 6 бутт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG