ГIебартойн-Балкхаройчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша бехктакхаман гIуллакх долийна, адам дохкар бахьана долуш. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.
Дукха хан йоцуш бер динчу Нохчийчуьрчу яхархочо иза "сагIийна делла" доьзалхо воцучу ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Урванан кIоштарчу яхархочунна.
Кхело сацам бина и зуда талламан изоляторе хьажо. Нагахь беран нанас низам дохийна хилар тIечIагIдахь, иза набахте хьажор ю 10 шаре кхаччалц хан а тоьхна.