ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

RT телеканало сацош ду Вашингтонера шен эфир гайтар


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан Iедалан ахчанах латтош йолу RT (Russia Today) телекомпанино Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна соцор ду Вашингтонера шен эфир гайтар. Bloomberg агенталло бинчу хаамца, цу телеканалан программашна ретрансляци латточу WNVT а, WNVC а компанеша сацош бу шайн болх.

RT телеканал кхин гур дац кабелан системашкахь. Цуьнан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас дийцарехь, Вашингтонехь кхин дIа а болх бийр бу цу телеканало, кхечу аьттонех пайда а оьцуш.

Симоньяна билгалдаккхарехь, RT эфир сацор доьзна ду цу телеканалан "кхечу пачхьалкхан агент" статус хиларца. Цу кепехь Russia Today-на регистраци йина стохка Лахьан-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG