ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу Манбидж гIалахь болчу курдашна гIо дан шен эскархой хьажор бу Францино. Цунах лаьцна хаам бо Reuters агенталло.

Эскаран дакъа цига хьажор хьокъехь Францин президенто Макрон Эммануэла барт бина Шеман демократин оппозици олучу тобанца, шен Парижехь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Маса эскархо вохуьйтур ву Манбидже дуьйцуш дац.

Дечкен-баттахь дуьйна Шеман къилбаседан кIошташкахь болчу курдашна дуьхьал тIеман операци дIахьош ду Туркойчоьнан эскар. Цуьнан Iалашо ю Манбидж дIалацар. Цигахь дIатарйелла ю Iамеркан тIеман контингент.

Туркойчоьно кхайкхам бина Вашингтоне шен эскархой цу гIалара арабаха аьлла. Амма Iамерка реза ца хилла иза дан.

Туркойн Iедалшна хета курдойн тIеман тобанаш (курдийн милици) террорхошна тIехIиттина ю аьлла. Курдийн милици тIом беш ю Iамерко куьйгалла дечу "Исламан пачхьалкхаца" къийсам дIахьочу коалицина юкъахь.

XS
SM
MD
LG