ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин Iедалша Iамеркана дIавелла Оьрсийчуьра хIакер Никулин


Никулин Евгений.
Никулин Евгений.

Чехин Iедалша Iамерке дIавелла Оьрсийчуьра хIакер Никулин Евгений, хаам бо Чехин Радионо. Дицарехь цунна хIинцале а экстрадици йина Цхьаьнатоьхначу Штаташка.

Меттигерчу зорбанан гIирсаша билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан вахархо дIавелла Чехе визитаца Iамеркан Конгрессан Векалаллин чоьнан спикер Райан Пол веанчул тIаьхьа. Цо дIахьедар динера, Вашингтон ладоьгIуш ю ПрахIо Никулин Цхьаьнатоьхначу Шататшка схьаваларе аьлла.

ТIаьхьо Чехин республикан юстицин министралло бакъдина хIакер Iамерке дIавелла хилар.

Чехийн полицино лаьцнера Никулин Евгений 2016-чу шарахь ПрахIехь, Iамеркан дехарца Интерполо еллачу ордерца.

Никулинан адвокаташа чIагIдора, ФБР-н агенташа Iамеркан Демократин партин ресурсаш яьстина президентан 2011-чу шеран харжамийн кампани йоьдучу хенахь, бохуш цуьнгара кийтаронаш яха гIертара.

ХIакерна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийначу Оьрсийчоьно а дехара Чехин Iедалшка Никулин схьавалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG