Красноярскан мехкан полицино а, Белгородан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша а лаьцна, Оьрсийчуьра араваьккхина криминалца боьзначу нахана юкъахь вевзаш волу Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан).
Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, 31 шо долу Гегечкори кхело шена тоьхна хан токхуш вара Красноярскан махкахь. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша сацам бинера колонехь тоьхна хан чекхяларца иза махкахвоккхур ву аьлла.
«Прайм Крайм» портало яздарехь, Гегечкори "низамехь къу" ву. Иза вийца ваьккхира 2017-чу шарахь Чиллан-баттахь Кызылерчу ИК-1 колонехь набахтин маьждигехь цуьнан цIуьхIарша Нохчийчуьра а, Дагестанера а тутмакхашна йиттинчул тIаьхьа.
Шляпа-Жимахверг вен кхачийна ву криминалан дуьненехь «дош лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!