ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

The Telegraph: Британино дIакъовла мега Оьрсийчоьнан Лондонера махбаран векалалла


Британин Iедалша, "Скрипалан гIуллакх" бахьана долуш, дIакъовла мегаш ю Оьрсийчоьнан Лондонехь йолу махбаран векалалла. Цунах лаьцна хаам бина The Telegraph газето, шен хьастанашна тIе а тевжаш. Газетаца къамел динчу Iедалхоша иза "шпионийн бен" бу боху.

Хьалхо Британино шайн махкара араваьккхинера Оьрсийчоьнан 23 дипломат. Цул сов Лондоно Москохца йолу юкъаметтигаш совцийна, Оьрсийчоьно вовшахтоьхна хила мега Скрипал Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвшен тIелатар дар аьлла, шеко йолуш.

Скрипалан гIуллакхца доьзна 25 пачхьалкхо гIортор йина Британина. Цара шайна пачхьалкхашкара араваьккхина 150 Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан белхахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG