ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанан гIирсаш: Миллиардер Магомедов Зиявудин лаьцна Москох


Магомедов Зиявудин.
Магомедов Зиявудин.

Москох лаьцна Forbes журнало уггаре хьал долчу Оьрсийчуьрчу бизнесхошна юкъатоьхна волу Дагестанера миллиардер "Сумма" цIе йолчу компанийн долахо Магомедов Зиявудин.

"Коммерсантъ" газето бинчу хаамца, пIераскан дийнахь Магомедов а, цуьнан белхан масийтта накъост а талламан комитете дIавигна, къоланаш дарх лаьцна толлучу гIуллакхехула леван.

ФСБ-н а, экономикан кхерамазаллехула йолчу урхаллан а белхахоша талламаш дIабаьхьна миллиардеран доларчу компанешкахь.

Forbes-ан версица Магомедов Зиявудин 63-гIа меттиг дIалоцуш вара Оьрсийчуьрчу уггаре хьал долчу бизнесхошна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG