Iамеркан Шемара эскарш арадаха бохучунна тIехь лаьтташ ву ша аьлла, дIахьедар дина президенто Трамп Доналда шен хьехамчашка. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.
"Iамеркан Аз" портало яздарехь, иза догIуш дац, цу регионехь "Исламан пачхьалкхаца" дIахьош болу къийсам дIабирзина бац бохучу Пентагоно дечу хьехаршца.
Шемарчу тIеман операцех лаьцна хаттар дийцаре дийр долуш ду Iамеркан къоман кхерамазаллин кхеташонехь тIедогIучу кIирнах.
ДIадаханчу еарин дийнахь Огайо штатерчу Ричфилд гIалахь вистхуьлуш президента Трампа дIахьедар дира, Iемеркана "хан тIекхаьчна Шема йита" аьлла.
Цкъачунна Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъийн коьрта буьйранча волчу президенто Трампа Цхьанатоьхначу Штатийн эскарш Шемара арадахар хьокъехь омра делла дац.