Бусулба духар а, жайнаш а, кхин долу а сурсаташ духкучу туьканашкахь талламаш бина Нохчийчоьнан коьртачу меттехь Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу прокуратуран векло яздо "Кавказский узело" Цо дийцарехь, прокурораша къаьсттина шайн тидам тIебахийтинарг яра бусалба литература. Вуьшта аьлча, Iедалан векалша лоьхург яра "экстремистийн литература".
"Кавказский узело" бинчу хаамца а догIуш, Соьлж-ГIаларчу туьканашакахь иза цкъачунна ца карийна, амма баьхкинчара, эшахь а аьлла, махбархой варе бина, нагахь цу тайпаниг карийна меттиг нислахь, бехкениг шаьш 15 денна чувуллур ву я цунна гIуда тухур ду аьлла.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?