ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенал хьалха губернаторан дарж дитина Тулеевс


Тулеев Аман.
Тулеев Аман.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира къобулдина Кемарован кIоштан губернаторо Тулеев Амана хенал хьалха ша даржера дIавалийта аьлла дина дехар. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.

Тулеевн метта губернаторан декхарш кхочуш дан хIоттийна Путина Цивилев Сергей.

Кемеровохь махбаран а, садаIаран а центрехь цIеяьллачул тIаьхьа критика ловш вара Тулеев.

Кремлан зорбанан сервисо билгалдоккху, цо губернаторан дарж шен лаамехь дитина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG