ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана санна кегаделла лелла хьал Къилбаседа Кавказехь 100 шо хьалха а

1917 шеран бIаьста, Оьрсийн импери йоьхча, керла-керла политикан тобанаш юьйлаелира яржа. Доьхна даьржинчу Iедалх бисинчу баххаш тIехь кхоллалуш яра уьш. Иштта бирзира 1917-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Теркан а, Дагестанан а мехкаш керлачу кепе – Къилбаседа Кавказан а, Дагестанан а Ламанхойн Цхьаьнакхетаралле.

Массеран а цIарх ду ша бохуш хьийзара Советан Iедал. Амма изза бохура паччахь воьхча бевллачу кхечу баьччанаша а.

ДобрАрми чуяьржича

1919 шеран юьххьехь Деникин Антонан КIайн Арми тIелетира Ламанхойн Цхьаьнакхетараллана, лаьмнашка ца гIерташ, дIалеца йолийра шера аренаш. Цунна дуьхьалойора тайп-тайпанчу ницкъаша, ткъа толамаш шена тIеязбора Ламанхойн пачхьалкхо.

Поручик (06.08.1882). Штабс-Капитан (24.04.1888). Капитан (28.03.1893). Михайловскерчу артиллерин академехь Iемачу эпсаршна т1ехьожург (20.03.1895-01.10.1895). Лейб-Гвардин 3-чу артиллерин бригадан 7-чу батареян буьйранча (01.10.1895-25.02.1900). Полковник (06.12.1895). 20-чу артбригадан 2-чу дивизионан буьйранча (25.02.1900-13.11.1903). 26-чу артбригадан буьйранча (13.11.1903-13.08.1905). Инарла-майор (06.12.1903; г1уллакхехь билгалваларна).

1904-05 шерашкарчу Оьрсийчоьнан-Японин т1еман декъашхо. Генарчу Малхбалерчу коьртачу буьйранчин гIоьнча (13.08.1905-16.05.1906).

ТIеман хьуьнарш гайтарна Везачу Георгийн 4-г1а даржан орден елла 01.11.1905. Малхбалерчу Сибрехан 5-чу гIашлойн дивизин буьйранча (16.05.1906-06.12.1907). Инарла-лейтенант (06.12.1907; гIуллакхехь билгалваларна). Оццу дивизин коьрта буьйранча (06.12.1907-14.08.1908). Сибрехарчу 2-чу эскаран корпусан буьйранча

(14.08.1908-08.02.1914). Инфантерии инарла (06.12.1913; гIуллакхехь билгалваларна).

08.02.1914 хIоттийна 4-чу эскаран корпусан буьйранча, даржехь Iийна Дуьненан Хьалхара тIом чекхбаллалц. Артиллерин инарла (19.03.1914). Малхбузерчу Пруссе тIамца вахана 08.1914. Куьйгалла лелийна Гольдапна гергарчу тIемехь.

СовгIаташ: 1877 - Езачу Аннин 3-чу даржан орден; 1878 - Везачу Станиславан 3-чу даржан орден; 1903 – Везачу Владимиран 3-чу даржан орден; 1905 - Везачу Станиславан 1-чу даржан орден; 1905 – Везачу Георгийн 4-чу даржан орден; 1906 - Езачу Аннин 1-чу даржан орден; 2006 – дешин герз; 1911 – Везачу Владимиран 2-чу даржан орден; 1914 – КIайн Аьрзу; 1915 – Невский Александран орден; 1915 – Везачу Георгийн 3-чу даржан орден.

​1919 шеран бIаьста дукхахйолу Нохчийчоьнан шера аренаш а, Соьлж-ГIала а яхара Деникинан кара. ДобрАрмино кхолла долийра шен Iедал.

Зазадоккху-беттан 26-чохь "Нохчийн Халкъан Кхеташоне" кхайкхамбира Деникина. Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттаво, элира, инарла Алиев Эрисхан.

Амм кIеззиг бен йоцчу тобано бина и сацам тIе ца оьцура Нохчийчоьно. (Ша зама а яра хIетахь дIа мел кхайкхориг къоман цIарх ду олуш).

КIира даьлча Шелахь а хилира гулам. Цигахь къамелаш динчара къобал ца вира инарла Алиев, емалбира ДобрАрмин къиза некъ.

… Инарла Алиев Эрисхан дуьненчу ваьлла Йоккхачу АтагIахь, тайпана хьаккхо хилла. Зудчо, гоьваьлла вевзачу кхечу инарлин, Чермоев Орцин йоIа Селимата кхо бер дина цунна – ши кIант, цхьа йоI (Хьабира). Ала дашна, дагестанхочуьнга-инарле Халилов Микаиле маре яхна йоккха хилча Хьабира.

Ставрополерчу гимназехь дешна ваьлча, Константиновскерчу 2-чу тIеман доьшийле, тIаккха Михайловскерчу артилерин доьшалле а, юха – циггарчу артиллерин академе а вахана Эрисхан. Боккха некъ бина цо эскархочун декъехь.

Инарла Эрдели веъча

Алиев Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттийча, ерриг а регион шегахьа йоьрзур ю моьттура Деникинна. Куьйгалхой хIиттийра цо кхечу мехкашна тIе а: ГIебартахь – Бекович-Черкасский Тембот, ХIирийчохь – Хабаев Яков, ГIалгIайчохь – Мальсагов Сапарбек, Дагестанехь – Халилов Микаил.

​1919 шеран аьхка Къилбаседа Кавказе Эрдели Иван веара. Цигарчу эскарийн буьйранчин Ляхов Владимиран метта ваийтинера иза. Ткъа янне а йоцчу елира нахалахь цуьнан цIе.

Эрделис Алиев Эрисхан халкъца тIех кIеда ву бохура. Цунна хетарехь, нахера алссам яха езара ял, Деникинан эскаре бовла декхаре бан безара нохчий.

Алиев дIавелира даржера. ДобрАрмех дуьззина дог дедира нохчийн. Уьш ишта а бара дакъошка бекъабелла – цхьаболучара тIом бора Узум-Хьажин байракх кIел, вуьйш бара Митаев Iелин тобанехь, кхоалгIа дакъа дара Гикало Николайца "цIен Iедал" доккхуш. Гарабаьллачу махкахь ца бисира меттиг инарла Эрделина а, цуьнан "Iедална" а.

Оцу юкъанна чIагIдала дуьйлира Советан Iедал.

Къонахчаллах ца воха сацамбира Алиев Эрисхана – юхайолучу КIайчу Армица дIа ца вахара иза, тIеийцира шена махка баьржинчу большевикийн таIзар. ЦIечара лецира иза а, цкъа а политикаца гIуллакх деъна воцу цуьнан ши воI а. Кхаанненна а тоьпаш туьйхира Соьлж-ГIалахь.

Дукха хан ялале Эрисханан йоI Хьабира шен майрачуьнца цхьаьна дIаяхара Истамуле. 20-гIа шераш доьрзуш, цIийнда велча, юхаеара иза. Шен тIаьххьарчу шерашкахь яьхна Бакох.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ТIейогIучу аьхка стенгахь садаIа дагахь ду шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG