Ерриг Оьрсийчоьнан шина дийнан самбо къовсадаларшкахь – уьш дIадаьхьна Кхарачой-Чергазийчоьнан коьрта шахьарахь Черкесскехь – тоьлла Нохчийчуьрчу цIеяйархойн 23-чу декъан белхахо Баргишев Iалихан.
Оьрсийчоьнан 14 регионера баьхкина спортхой лийтира йозаллин 9 категорехь. Деши даьккхина Баргишевс 82 кийла йолчу йозаллехь къовсалуш. Хаам баржийна Нохчийчуьрчу орцан урхалло.