ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан тоьшалла схьаэцна Путина


Оьрсийчоьнан президентан тоьшалла караделла Харжамийн Коьртачу Комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас халкъо юха а оцу дарже хаьржинчу Путин Владимире.

Тоьшалла дIалуш Памфиловас билгалдаьккхира Путина харжамашкахь шеко йоццуш толам баьккхина хилар (76,69% кхаьжнаш).

Дуьххьара юкъаяьккхинчу QR-кодан гIоьнца кхаьжнаш багарбечу системо аьтто бира харжамаш жамIе берзо – 2012-чу шарахьчул шозза сиха билгалдевлира терахьаш, элира Памфиловас.

"Дукхахболучара ма-аллара, вайн мехкан исторехь уггаре цIена а, зен аьтто болуш а харжамаш бара хIорш," – элира президентан тоьшалла схьаоьцуш Путин Владимира.

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хилира Зазадоккху-беттан 18 дийнахь. 67,54% харжамхоша тесира кхаьжнаш. Путинал тIаьхьа вогIучу Грудинин Павелехьа бара 11,77% кхаьжнаш, Жириновский Владимирехьа – 5,65%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG