ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шпионаж лелорна шеко йолуш лаьцна 4 стаг дIахецна ФСБ-но


Шпионаж лелийна хиларна, шеко йолуш Феделаран кхерамазаллин сервсио (ФСБ) лаьцна виъ стаг, профилактикан къамел а дина, дIахецна, хаам бо ТАСС агенталло, Юккъерчу Уралехула йолчу ФСБ-н урхаллан зорбанан сервисана тIе а тевжаш.

ФСБ-н белахоша талам бина Оьрсийчоьнан кхаа вахархочуьнан а, Украинин махкахочуьнан а петаршкахь Екатеринбургехь а, Симферополехь а, Омскехь а. Царна карийна Оьрсийчоьнан ТIеман Ницкъийн Инарлин штабан топографин электронан а, кехатан а картийн копеш.

ФСБ-н векалша чIагIдарехь, лецнарш дагахь хилла и материалаш кхечу цIе ца яьккхинчу пачхьалкхан лерринчу сервисе дIаяла. Цара дийцарехь, уьш къера хилла шайн бехк хиларна. И тайпаниг кхин дийр дац аьлла цара тIейогIучу хенахь. Цул тIаьхьа и виъ стаг дIахецна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG