ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кегийрхой бIаьста арме бигар дIадолийна Оьрсийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан армехь гIуллакх дан хан йолуш 86 эзар стаг ву карарчу хенахь Нохчийчохь. Амма, царна лаахь а, массеран а аьтто хир бац эскаре ваха. "Регнум" агенталло бинчу хаамца, Нохчийчуьра хIора 72 жимачу стагах цхьаъ бен вуьгур вац арме.

Стохка Нохчийчуьра цхьацца ницкъаллин структурашка гIуллакх дан хьажийначу кегийрхойн терахь дара 500 стаг ерриг а республикера.

Меттигерчу бахархошна хетарехь, армехула чекхваьллачу жимачу стеган алсам аьттонаш бу болх каро а, ницкъаллин структурийн декъашхой хила а.

И бахьана долуш къаьсттина Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка кхача луучу нехан терахь лакхара ду Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.

Амма, Регнум агенталло билгалдаккхарца, Кхъилбаседа Кавказера кегийрхой арме бига луш йолу квота лахара хила мега кху шара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG