ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу гIаттамхошка ултиматум кхайкхийна Асада а, Оьсийчоьно а


Шема. Малхбалерчу Каламунера гIаттамхой.

Шеман Iедалан эскарша Димашкана къилбаседа-малхбалехь гоне лаьцначe гIаттамхошка дIахаийтина цара Асадан режиман урхалла тIелаца деза я цу кIоштара дIабаха беза аьлла.

Цунах лаьцна хаам бина гIаттамхойн тобано шинарин дийнахь.

Малхбалерчу Каламунехь болчу гIаттамхошка хьажийна ултиматум цигарчу маьршачу нахе дIаелларг ву Оьрсийчоьнан полковник а, Шеман тIеман хIаваан ницкхийна талламан эпсар а, хаам бина Reuters агенталле гIаттамхойн векало.

Оьрсийчоьно а, ГIажарийчоьно а гIо дар бахьана долуш, шен хьал тодина, волу президент Асад Башар тIаьххьара дуьхьалонан тобанаш эшо гIерташ ву Шеман малхбузерчу гIаланашкахь.

XS
SM
MD
LG