ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь могушаллан министр лаьцна хилла ФСБ-но


ГIалгIайчуьра могушалла ларъяран министр Арапханова Марьям дIалаьцна хилла федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша, шоьтадийнахь, Москохара цIайогIуш аэропортехь кемана тIера иза охьаюссучу хенахь.

Массийта сохьтехь лейинчул тIаьхьа дIахецна иза, хаамо бо Маршо Радион гIалгIайн махкарчу хьастанаша. Министр дIалацаран бахьана дуьйцуш дац.

Стохка Арапханован нана ехачу кертахь талламаш дIабаьхьнера низамхоша. Лоьхург хIун ю хIетахь а ца хаийтира Iедалша.

Ша емал еш хIуманаш ма яздахьара аьлла, кхайкхам бинера цул тIаьхьа министро лоьрашца шен хиллачу кхеташонехь. Елха а йоьлхуш, Арапхановас дехар деш яьккхина видео сихонца гIараяьккхинера цу кхеташонехь хиллачех цхьаммо.

XS
SM
MD
LG