Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлж-ГIала а йитина Iедалан кхеташо дIаяьхьна Хьалха-МартантIехь. Цигахь цо дIахьедар дина коьрта Iалашо хьалкъана а, Iедалшна а юкъахь вовшех кхеташ хилийтар ду аьлла.
Кадыровс билгалдаккхарехь, Нохчийчуьра бахархой кхеташ а, гIортор еш а бу республикерчу Iедална.
Цуьнца цхьаьна, республикан куьйгалхочо дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь интернетехь дуккха а нах гучубевлла эладитанаш а, харц дерг а даржош болу.
Кадыровс чIагIдарехь, эладитанашна а, харц дерг дийцарна а тIера буьйлало Iедалан карчамаш а, тIемаш а.