Вевзаш волчу журналисто Шевченко Максима а, цуьнан вашас Михаила а кхоьллинчу «Кавказская медиагруппа» компаница контракт йина хилла 2017-чу шарахь "Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин» акционер йолчу Къилбаседа Кавказ кхиорехула йолчу Оьрсийчоьнан министралло. Цуьнах мах бу 1,5 миллион сом, хаам бо life.ru зорбанан гIирсо.
Цуьнца а догIуш, бюджетера и ахча хьажийна «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацино» бина болх зорбанан гIирсашкахь бийцарна.
Болчу хаамца, и контракт Шевченкон компанина елла хилла, кхин иза къовсуш цхьа а стаг а воцуш, билгалдоккху life.ru.