ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бортников: Оьрсийчохь теракташ кечйеш пайда эцна месседжерех


Бортников Александр.
Бортников Александр.

Оьрсийчохь 2017-чу шарахь йина а, юкъахъяьхна а теракташ кечйеш пайда эцна мессенджерех. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан феделаран кхерамазаллин сервисан куьйгалхочо Бортников Александара, Москох хиллачу 7-чу дуьненаюкъарчу кхерамазаллехула йолчу конференцехь, хаам бо «Интерфаксо».

Цо дийцарехь, стохка Оьрсийчохь йина 4, ткъа юкъахъяьккхина 25 теракт. Уьш кечйеш интернетерчу мессенджершкахула уьйраш латтийна зуламхоша, боху Бортниковс. Цу юкъахь Шеман а, Иракъан а территори тIехь хиллла нах а бу бохуш, чIагIдо ФСБ-н куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG