ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн машенчу  наркотикаш тасар хьокъехь бехктакхаман гIуллакх доло реза хилла талламхо


Масийтта бутт бу Титиев Оюб лаьцна волу.

Кхаарийн дийнахь кхело къасто безаш бара Титиевс, шен машенчу наркотикаш тасар хьокъехь бехктакхаман гIуллакх дола ца до аьлла, бина латкъам. Амма кхелан кхеташо йолаялале таллмахочо дIахьедар дина хьалха бина сацам юхабаьккхина ша аьлла, яздо "Кавказский узело".

Цул тIаьхьа адвокаташа дехар дина кхеле, латкъам листа оьшуш бац аьлла.

Талламхочо чIагIдарехь, ша бина сацам тIехь болу кехат цо почтехула дIахьажийна хилла Титиевга а, цуьнан адвокате а.

XS
SM
MD
LG