Украинин халкъан депутатана Мосийчук Игорна тIелатар динарш а, антитерроран операцехь шен лаамехь дакъалоцуш хилла нохчийн тIемало Окуева Амина йийнарш а цхьа нах бу. Иштта дIахьедар дина Мосийчук Игора ObozTV телеканалан эфирехь.
Мосийчука дийцарехь, талламхошна хиъна зуламхойн тобан декъашхой муьлш бу. Цо бинчу хаамца, царех цхьаъ зулам динчул тIаьхьа ведда Соьлж-ГIала.
Шен агIора Украинин Кхерамазаллин сервисан куьйгалхочо Грицак Василийс хаам бина, ши стаг а вуьйш, кхин а кхо стаг, шайна юкъахь Мосийчук а волуш, лаза а веш йина теракт теллина девлла шаьш аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Грицака дийцарехь, и "теракт" йиначерах цхьа стаг лаьцна ву, вуьйсуш "кхечу территори тIехь бу". "Вайна хаьа уьш мичахь бу" - аьлла цо.