ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан векалаллан белхахой дIабоьлхуш бу Оьрсийчуьра


Iамеркахой дIабоьлхуш Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москох векалаллера.
Iамеркахой дIабоьлхуш Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москох векалаллера.

Еарин Iуьйранна сатоссуш жима машенаш а, некъахойн автобусаш а яьхкинера Iамеркан Москох йолчу векалаллан керта. ТIаьхьо транспортан коврано йитина Цхьаьнатоьхначу Штатийн дипломатин миссин керт.

Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Iамерко а, кхин а цхьамогIа пачхьалкхаша а дIахьедар дира, шаьш Оьрсийчоьнан дипломаташ арабоху шайн мехкашкара, Британехь талламан сервисийн шалгIа агент хиллачу Скрипал Сергейна дIаьвшен тIелатар дина хиларна, Лондонан тIехIуьттуш аьлла. Оьрсийчоьно дуьхьал цу кеппара гIулчаш йохуш ю.

Ша аьлча, Оьрсийчоьно сацам бина махкара араваьккха 58 Москох векалаллан белхахо а, Екатеринбургера Iамеркан инарлан консульствон ши белхахо а.

Уьш дIабаха безаш бу Оьрсийчуьра Охан-беттан 5-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG