ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхьарчу 35 шарахь дуьххьара кинотеатр схьайоьллуш ю СаIудийн пачхьалкхехь


СаIудийн пачхьалкхара яхархо ю футболан стадионехь.
СаIудийн пачхьалкхара яхархо ю футболан стадионехь.

35 шарахь дихкина хиллачул тIаьхьа бахархошна кино гайта бакъо елла СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь. Хьалхара юкъараллан кинотеатр болх бан йолалур ю Эр-Риядехь Охан-беттан 18-чохь.

Оцу дийнахь керлачу кинотеатрехь гойтур ю Куглер Райана яьккхина «Iаьржа пантера» филм. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Кинош гойту а, смукъадоккху а меттигаш дIакъевлинера СаIудийн пачхьалкхехь 20-чу бIешаран 1980-чу шерашкахь, уьш латтор къилахь ду аьлла.

Стохка ГIадужу-бутт болалуш паччахьо Салмана ибн Iабдул-Iаьзиз ал СаIуда бакъо елира зударшна машенаш лело а, университеташкахь а, колледжашкахь а доьшучу мехкаршна кампусийн территори тIехь мобилан телефонех пайда эца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG