Немцойн ХIамбург гIалахь кху деношкахь дIахьош ду Кавказерчу къаьмнийн културан кIира. Цу гIалахь даханчу шарахь схьайиллинчу Европехь уггаре а яккхийчарех йолчу Elbphilarmonie филармонехь концерташ гойтуш бу Кавказера исбаьхьалхой.
Гуьржехара а, Эрмалойчуьра а, Азербайджанера а эшаршлакхархой а, мукъамчаш а, кинорежиссерш а гулбелла ХIамбургехь. Царна юккъехь ю ПIаьнгаза чIожерчу нохчийн эшаршлакхархойн „Ломан аьзнаш“ тоба а.