ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдади Иракъехь ву, боху Оьрсийчоьнан талламан урхалло


ал-БагIдади Абу-Бакр.
ал-БагIдади Абу-Бакр.

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллана (ГРУ) хетарехь, «Исламан пачхьалкх» тобан лидер ал-БагIдади Абу-Бакр лечкъина хила там бу Иракъехь. Цунах лаьцна "Интерфакс" агенталле хаам бина еарин дийнахь цу урхаллан хьаькамо вице-адмирало Костюков Игора.

Костюковс дийцарехь, БагIдади Иракъехь лечкъина хила мега шву, амма иза волу меттиг хууш яц.

Стохка Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIгIдора, Шемахь Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш тохарш дича иза вийна бохуш.

Пентагоно цу хенахь БагIдади вийна бохург тIе ца чIагIдира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG