ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британерчу Солсбери гIалахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан хилла волчу белхахочунна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а тIелатар деш лелийна «Новчичок» дIовш дина хилла Саратовн махкахь ша-тайпа рожехь латточу Шиханы гIаларчу лабараторехь. Цунах лаьцна яздина Британерчу The Times гезото.

Цо дийцарехь, и хаам бина Британин талламан сервисан векалша. Цара дийцарехь, Саратовн махкахь йолчу оцу объектехь зуьйш хилла «Новичок» олу дIовш, ткъа иштта оьшуш кIеззиг нах байа оьшуш хилча цунах пайда эцаран кепаш а.

Шиханыхь IаIийна дIовш дукха кIезиг ду тIамехь цунах пайда эца, яздо The Times гезото.

XS
SM
MD
LG