ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиина Скрипалан дийнатийн кхоллам


Кейви (cavy, хIордан хьакха) - оьпанах тера дийнат.
Кейви (cavy, хIордан хьакха) - оьпанах тера дийнат.

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан хилла волчу эпсаран Скрипаль Сергейн хIусамехь хьогалла елла ши кейви (хIордан хьакха, оьпанах тера дийнат), ткъа цицигана лен молха мало дезна дийнатийн лоьран.

Цунах лаьцна хаам бина Британерчу The Mirror гезото. Цо яздарехь, ветеринаран цу хIусаманна чу ваха аьтто баьлла Скрипаль а, цуьнан йоI а кхетамчуьра даьллачул тIаьхьа масех де даьлча, и цIа полицино, мухIар а таIийна, къевлина хиларна.

Цу чохь карийна лоьрана елла ши хIордан хьакха а, вуно вочу хьолехь долу Iаьржа гӀажарийн цициг а.

Цициг Портон-Даунерчу лабараторе дигна хилла, цул тIаьхьа лен молха малийна цунна.

Деллачу дийнаташна кремаци йина, хаам бо The Mirror.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG