ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хиллачу векало чохь йоккху хан яхйина кхело


Пресненски суьдо Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де тIекхаччалц талламан изоляторехь вита сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Украинехь векал хилла Цицулаев Рамзан. Иштта сацам бинарг ю суьдхо Авдотьина Александра, хаам бо РИА Новости агенталло.

Цицулаев бехке веш ву 4 зулам деш дакъалацарна. Царна юкъахь ду Iедалан векална ницкъ бар а, бозбунчалла лелор а, адам лачкъор а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортар а.

Цуцулаев лаьцна латтош ву Москох. Иза воцург цу бехктакхаман гIуллакхана юкъахь ву верриг а 9 стаг.

Кхелахь вистхиллачу талламхочо дIахьедар дина, бехктакхаман гIуллакхан фигурантийн терахь кхин а алсамдера ду аьлла, яздо РИА Новости агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG