ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram дIачIагIар дехна Роскомнадзоро


Telegram дIачIагIар доьхуш иск кховзийна суьде Роскомнадзоро. Цунах лаьцна хаам бина пIераскан дийнахь цу урхаллан зорбанан сервисо. "Интерфакс" агенталло билгалдаккхарехь, иза дина Роскомнадзоро Федералан кхерамазаллин сервисан дехарца.

ДIадаханчу кхаарин дийнахь чекхяьллера Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала Telegram-на Роскомнадзоро тоьхна хан.

Оццу дийнахь ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александара дIахьедар дира, Оьрсийчохь 2017-чу шарахь йина а, юкъахъяьхна а теракташ кечйеш пайда эцна мессенджерех аьлла.

Шен агIор и декхар тIедиллар кхочуш далур дац аьлла, жоп деллера Telegram-ан куьйгалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG