Йоккха топ кхоссаран говзанча хоржур ву Ставрополан махкарчу тIеман полигонехь. И къовсам вовшахтоьхнарг бу Къилбан тIеман го.
Къовсадаларш хир ду кху беттан 9-13 деношкахь.
Цу мероприятехь дакъалоцуш бу Iабржачу хIордан а, ГIажарийн хIордан а эскархой а, ткъа иштта Эрмалойчохь а, Абхазехь а йолчу Оьрсийчоьн тIеман базийн эскархой а, ткъа иштта Нохчийчохь а, Ростох кIоштахь а, Ставрополан махкахь а дIатрдинчу эскаран дакъошкахь гIуллакх деш болу салтий а, эпсарш а.