ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу бизнесхошна а, Iедалхошна а, компанешна а


Дерипаска Олег.
Дерипаска Олег.

Iамеркан финансийн министралло санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу 38 бизнесхочунна а, Iедалхочунна а, компанешна а дуьхьал. И документ зорбане даьлла цу министраллан сайта тIехь.

Санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь бу Кремлца гергарло долу бизнесхой Дерипаска Олег а, Шамалов Кирилл а, Вексельберг Виктор а, Ротенберг Игорь а, кхиберш а.

Санкцешна кIелвахана Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а, Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, Роскомнадзоран куьйгалхо Жаров Александр а, ВТБ банкан куьйгалхо Костин Андрей а, "Газпроман" куьйгалхо Миллер Алексей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG