ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра тIом бан боьлху нах Шема дIакхачоран кеп гучуяьлла Reuters агенталлана


Оьрсийчоь -- Cham Wings кема ду Ростох аэропортехь. 17 Дечк. 2018 шо. REUTERS сурт.
Оьрсийчоь -- Cham Wings кема ду Ростох аэропортехь. 17 Дечк. 2018 шо. REUTERS сурт.

Reuters агенталлана гучуяьлла Оьрсийчуьра мехах тIом бан боьлху нах Шема пачхьалкха дIакхачоран кеп. Уьш кеманан рейсаш ю Ростохара Димашке а, Латакия а еш йолу. Цу балхана юкъаозийна ю Cham Wings олу Шемара долара авиакомпани.

И рейсаш къайлаха еш ю. Амма Reuters тидаме эцарехь, 2017-гIа шо доладелчхьана Cham Wings-о Димашкара а, Латакияра а Ростох а юха а йина 51 рейс.

ХIоразза а цу Iалашонна пайда эцна 180 некъахо чутарлучу Airbus A320 олучу кеманех. ТIеман кеманаш лелош хилла, берш а мехах тIом бан боьлху нах Cham Wings-ан цхьана кеманна чутарлуш ца хилча. Цунах лаьцна Reuters агенталле хаам бина контрактник санна 4-зза Шемахь тIом беш хиллачу Оьрсийчуьрчу вахархочо.

Reuters-о билгалдоккху, и бахьана долуш, Шемара долахь йолу Cham Wings компани 2016 шарахь дуьйна Iамеркан санкцешна кIеллахь хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG