ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цицулаевн гIуллакхехула лаьцна ву 9 стаг


Пресненски суьдо Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де тIекхаччалц талламан изоляторехь вита сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Украинехь векал хилла Цицулаев Рамзан.

Кхелахь вистхиллачу талламхочо хаам бина, Цицулаев воцург иза бехкевечу гIуллакхехула лаьцна кхин а 9 стаг ву аьлла. Царна юкъахь ву бизнесхо Новиков Андрей а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу кхерамазаллан коьртачу урхаллан белхахо хилла Мародмамадов Алишер а, Москох криминалан талламан (МУР) 16 декъан 3 белхахо а, яздо МК газето.

Цара, лачкъа а вина, 100 миллион сом даккха гIерташ хьийзийна финансист Закриев Iела. Иза хилла 2014-чу шарахь. Цу хенахь Цицулаев вара Кадыровн Украинера векал. Закриевгара ахча доккхучу операцина иза юкъавахана хилла, Новиковн дехарца, Москох бехачу нохчашна юкъахь лоруш волу стаг санна. Ткъа цо тIеозийна шена бевза полисхой а, шен накъостий а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG