ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь герзхоша дIавигна жима стаг лоьхуш бу гергарнаш


Вуьйцург ву Соьлж-ГIалара ницкъаллин структурийн белхахоша дIавигна Лорсанов Iусман. Иза хиллера 11 де хьалха Зазадоккху-бутт дIабоьрзуш. Цу хенахь дуьйна цу жимачу стагах хилларг хIун ду хууш дац, хаам бо "Кавказский узело".

Лорсановн гергарнаш вуно саготта бу шайн кIант кхин цкъа а цIа ца верза мега аьлла, хIунда аьлча, цуьнан ваша Лорсанов Ислам вийна, иштта дIа а вигна, 2017-чу шарахь.

Зорбанан гIирсаша яздина ма хиллара, Ленинан кIоштан полисхойн урхаллехь вийнера Лорсанов Ислам Дечкен-беттан 25-чу дийнахь. Цуьнан дакъа дIа ца делла гергарчаьрга.

"Кавказский узело" яздарехь, Лорсанов Iусман лаьцна дIавигна Зазадоккху-беттан 27-чу буса. Амма цунах лаьцна нахе шуьйра ца хаийтина гергарчара Охан-беттан 5-чохь а бен.

Дийцарехь, уьш сатуьйсуш хилла шайн 19 шо бен доцу кIант левинчул тIаьхьа дIахоьцур ву бохучуьнга. Цул тIаьхьа уьш гIиртина шайн ницкъашца иза волу меттиг къасто.

Гергарчаьрна хетарехь, Лорсанов Iусман лаьцна хила мега цо шен воккхах волчу вешин кхоллам хьокъехь телефонехула дина цхьацца къамелаш бахьана долуш.

Хьалха хааме даьккхина ма хиллара, Лорсанов Ислам лаьцна дIавигар бахьана хилла 2016-чу шарахь ГIура-баттахь Соьлж-ГIалана тIелатар а дина дIабахначу кегийрхойх цхьаболчарна иза вевзаш хилар а, Iаьрбийн пачхьалкхашкахь дин Iамош дешна хиларе терра, цуьнах уьш цхьацца хеттаршна жоьпаш лоьхуш дагабийлина хилар а.

Болчу хаамца, буьйсанан юккъехь Лорсанов Iусман лаца баьхкинчу герзхошна духьало ян а гIоьртина гергарнаш а, лулахой а. Амма, ницкъаллийн структурийн тобанна хьалхаваьлла веанчо, цхьацца хIума къаста а дина, жима стаг дIахоьцур ву аьлча, юхабевлла уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG