ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь юхадолийна гIаттамхошна тIе бомбанаш еттар


Иттаннаш нах байина Шемарчу Дума цIе йолчу гIалахь шоьтан буса тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а йиттина.
Иттаннаш нах байина Шемарчу Дума цIе йолчу гIалахь шоьтан буса тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а йиттина.

Иттаннаш нах байина Шемарчу Дума цIе йолчу гIалахь шоьтан буса тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а йиттина. Цу гIалана тIеман тохарш дар юхадолийна, Оьрсийчоьно юкъарло а лелош, гIаттамхойн а, Шеман Iедалан векалийн а дийцарш кхиам боцуш дIадирзинчул тIаьхьа.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, вийна 40 гергга маьрша вахархо. Тохарш деш ду Асад Башаран мутIахь долчу эскаран тIеман кеманаш, ткъа цхьаболчу хаамашца - Оьрсийчоьнан кеманаш.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Асадан эскарш тIедуьйладелла Димашк провинцехь йолчу Малхбалера Гута анклавехь гIаттамхоша Iуналла деш ша цхьаъ йисинчу Дума гIалана.

Малхбузерчу пачхьалкхаша дукхаза бехке йина Асадан режим а, Оьрсийчоь а Малхбалерчу Гута кIиза бомбанаш еттарна а, маьрша бахархой байарна а.

ТIаьхьарчу беттанашкахь цу анклаван доккхах долу дакъа шен Iуналле эцна Асадан армино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG