Некъахьовзам хилла Канадерчу Саскачеван провинцехь. "Би-би-си-но" бинчу хаамца, "Гумбольдт Бронкос" кегийрхой хоккейн тоба тIехь йолу автобус тIекхетта киралелон машенна. И бахьана долуш, вийна 14 стаг. Царах дукха берш къона хоккейхой бу.
Болчу хаамца, кхин а 14 стаг госпитале дIакхачийна.
Кхелхинчеран гергарчаьрга кадам бина Канадан премьер-министро Трюдо Джастина.
Нипавин гIаларчу килсехь вовшахтоьхна ду кхелхинчу а, лазийначу а кегийрхойн доьзалшна гуманитаран гIо лахьор.