ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикехь стаг верна лаьцна ницкъаллин структурийн ши белхахо


ГIебартойн-Балкхаройчохь ницкъаллин структурийн 2 белхало лаьцна, меттигера вахархо вийна хила мега аьлла, шеко йолуш. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо".

Цу агенталлан хьастанаша дийцарехь, кхечу регионера цу республике болх бан ваийтина хилла ши стаг ву лаьцнарг. Меттигерчу вахархочунна урс диттина цу шимма. И бахьана долу и стаг велла. Хилларг дIаяздина терго ечу видеокамерша.

"Регион Онлайн" сайто дийцарехь, конфликт хилла кху беттан 5-чохь. И стаг таксист ву моьттуш, шаьшшиъ хьешан цIенга дIавига, аьлла хилла цу шиммо. Важа реза ца хилча, дов даьлла церан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG