ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн Халк" гIаравалар лан ца делла Пятигорскерчу Терёшинга


 Stav.aif.ru сайтан скриншот.
Stav.aif.ru сайтан скриншот.

Instagram-хь шен синтолан эксперименташца вевзаш волчу Пятигорскерчу Терёшин Кирилла ницкъ къовсаре кхайкхина 16 долу нохчийн латархо Тамаев Асхьаб.

Иза вевзаш ву Нохчийчохь, уггаре а стомма лаг долу жима къонах санна. Интернетехь цунах олу «Халк». Халк (Hulk), хууш ма хиллара, ву видеоловзаран турпалхо.

Шен видеошкахь Тамаевс гойту шен лаг 54 сантиметр хилар а, 48 сантиметр бицепсаш хилар а. Иза ша ву 180 сантиметр лекха а, 102 кила веза а.

Instagram-хь, хIора денна аьлча санна, цуьнан цIе гIарайолуш хилар лан ца делла Терёхине. И бахьана долуш, "Нохчийн Халк" лата кхайкхина цо, яздо stav.aif.ru сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG