ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох талламхочо бехказваьккхина Нохчийчуьра кхо вахархо


Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Хьусайн а, Сайд-Мохьмад а.
Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Хьусайн а, Сайд-Мохьмад а.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан тIех лараме долчу гIуллакхашкахула волчу талламхочо сацам бин Москох, Ражапов Хьамидна а, Цетиев Хьусайнна а, Цетиев Сайд-Мохьмадна а дуьхьа долийна долу бехктакхаман гIуллакх сацо, яздо "Кавказский узело".

Цу кхаа стеган адвокато Окушко Татьянас бинчу хаамца, бехктакхаман гIуллакх сацош ду церан бехк ца хиларна.

Маршо Радионо хаьлха дийцина ма хиллара, 2014-чу шарахь Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь Москохна генадоцуш Iуьллучу Рассказовка юьртахь хиллачу некъахьовзамехь вовшахкехттера 3 жима машен. Цхьана машенан бак ятIор бахьана долуш бензин Iаьнера цIе ялахь а аьлла, полисхой боцурш цига кхайкхийна хилла цӀеяйархой.

Цьарца дар-дацар хилла некъахьвзамехь дакъалаьцначу цхьана машенна чохь хиллачу нохчийн. Буй-тIарий хуьлуш травматикан тапча кхиссина хилла церах цхьаммо цигахь.

Оццу дийнахь полисхоша лецна некъахьовзам хиллачехула чекхволуш волу кхо нохчо.

Эшам хиллачу цIеяйархошна а, тешашна а царах цхьа а ца вевзина. Цундела уьш дIахецна. Амма дукха хан ялале юха а лецна кхо жима стаг - Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн".

Оцу дийнахь дуьйне бале лаьцна кхобуш бара и нах Оьрсийчоьнан

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG