ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Скрипаль а, цуьнан йоI а лардан некъаш лоьхуш ю Британин


Британин полицино шен Iуналле эцна ду Скрипаль Сергейн цIа.
Британин полицино шен Iуналле эцна ду Скрипаль Сергейн цIа.

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а, керла кехаташ а кечдина, и шиъ хила мегачу тIелетарех Iалаш дан Iамеркехь даха хаон некъаш лоьхуш ю Британи. Цунах лаьцна яздо Британерчу Sunday Times газето.

Цо дийцарехь, Британин MI6 къайлахчу сервисо и хаттар дийцаре дина Iамеркан Коьртачу талламан урхаллан векалшца.

Скрипаль а, цуьнан йоI а карийнера Солсбери гIалахь урамерчу гIаьнта хиина кхетам чуьра даьлла а долуш.

Британино бехке деш ду президентан Путин Владимиран Iедал, Советан пачхьалкхехь кечдинчу "Новичок" олучу тIеман дIаьвшах пайда а эцна, Скрипаль вен гIортарна.

Оьрсийчоьно тIе ца дуьту ша бехке хилар. Скрипаль Сергейца а, цуьнан йоIаца а хиллачу инциденто дипломатин кризис эккхийтина Москохна а, Малхбузенна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG