Оьрсийчуьра ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб чемпион хIоьттина UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь. Цуьнан эшо аьтто баьлла Iамеркахо Яквинт Эла.
Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша яздарехь, массо а суьдхоша толам дIабелла Нурмагомедовна.
Нурмагомедов дуьххьарлера спортхо ву Оьрсийчуьра UFC чемпионан титул яьккхинарг (яйн йозаллан категори). 29 шо долчу Дагестанерчу спортхочо 26-зза толам баьккхина шен карьерехь - цкъа а эшна вац. Цуьнан цхьа латар дIадирзина толамхо билгалваккха аьтто а ца болуш.